Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха». Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга, дІаьвше хи а молуьйтур ду, хІунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тІера массо а лаьтта тІехь Іесалла яьржина». Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу. Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу, Аса кІа схьакхойкхур ду, ткъа иза дебор а ду, шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хІаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин. Ас хьан цІуш бохор а бу, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьуна юкъара хІаллакдийр а ду, кхин Іамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хІуманашна. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела.
Выбор основного перевода