Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гІенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хІуманаш довзийтахь, ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. Шайн Везачу Далла тІаьхьахІитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогІалаш, Цунна гІуллакх делаш, Цунна тІетовжалаш. Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. Амма иза вей дІаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тІе айина, иза верхьама. Цул тІаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тІехь. Цунна и валлалц тІе тІулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цІийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дІаверзийта уьш гІерта дела. Иза дІа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТІаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац. Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цІенна а таІзар дийр ду. Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.
Выбор основного перевода