Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Амма, вайн эгІазаллаш тІе а лаьцна, Цо вайн лазарш дІадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таІзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дІатосур ву, яздина ма-хиллара: „Іуьнна чов йийр ю Аса, тІаккха жа юкъара уьстагІий шаьш дІасадовдур ду“. Шен мурдашка Іийсас элира: «Аша массара а Со дІатосур ву, хІунда аьлча яздина ду: „Іуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагІий дІасадовдур ду“, – аьлла».
Выбор основного перевода