Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Адаман кІант, хьайна цхьа гІаж схьа а эций, цу тІе дІаязде: „ЯхІудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тІаьхьа шолгІа гІаж схьа а эций (иза Эпрайман гІаж ю), цу тІехь а дІаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“. Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу. Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош. Оццу дийнахь и барт бохийра. ТІаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла. «Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхІудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.
Выбор основного перевода