Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кІентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хІаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“». Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. И де тІекхаьчча, уьш Везачу Эло чІогІа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тІелетар а бу.
Выбор основного перевода