Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. «Адаман кІант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дІа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама». Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Цара массара а шайн батош дІакъовлур ю, хІунда аьлча царна Делера жоп хир дац». Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо.
Выбор основного перевода