Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кІантана ЮшаІана хьайн куьйгаш тІедахка. ЮшаІана тІе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара. Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.
Второзаконие
Выбор основного перевода