Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». Пасга-ломан боххье хьалавала. ДІахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хІунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!
Второзаконие
Выбор основного перевода