Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагІчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогІура, ткъа цуьнан гІоьнча, Нунин кІант ЮшаІ, гуламан четарна уллора цкъа а дІа ца волура. Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тІехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву. Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хІетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?» Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо.
Второзаконие
Выбор основного перевода