Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхІ дийнахь юьхьІаьржачу хІоьттина Іан ца дезара цуьнан? ХІинца ворхІ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тІаьхьа иза юхаерзо мегар ду». Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Іедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чІагІбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чІагІдар санна хилла Исраил-махкахь. ТІаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогІуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догІийла хьан цІенна тІе Эпратехь. ЦІе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.
Выбор основного перевода