Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта». Юхаерза, дІагІо, сан ши йоІ! Со къанъелла хІинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Іийна, кІентий бича а, хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоІарий! Со чІогІа гІайгІанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна». «Устаз, Мусас Іамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тІаьхье санна лору. Цара хаьттира Іийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто“. «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто.
Выбор основного перевода