Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гІуллакхашка ладогІа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тІевеанчуьнца и гІуллакх доьзна делахь. Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“.
Выбор основного перевода