Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Іуьллуш хьан мостагІчун вир хилахь, цигара дІа ма гІо, гІо де цунна, и вир юха когаш тІе хІоттош. Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Іесачу нехан доглазам а къиза бу. Іийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагІ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш? Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кІант я, масала, сту гІуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
Выбор основного перевода