Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хилларг шайна хиъча, Якъубан кІентий сихха арара цІа баьхкира. Уьш чІогІа оьгІазбахана бара, хІунда аьлча Исраилан тІаьхьенна юкъахь чІогІа эхье гІуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоІ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Исраилхойн йоІарех цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кІенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца леларг. Далла дина ваІда такхархьама, цІуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цІуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цІа чу ма далаш, хІунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.
Выбор основного перевода