Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъе дІахьедар де, цара шайн тІеюхучу хІуманийн маьІигашна тІехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьІигашна тІехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тІекхуьучу тІаьхьенаша а. И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дІакъастийна хилийтархьама а. Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела». Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тІеяздина йолу церан хьаьжнаш тІе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тІера чечакхаш яхлуш ю.
Выбор основного перевода