Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Іийса Зайт-диттийн лам тІе вахара. ТІаккха Іуьйранна Іийса юха а Делан цІийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тІе. Охьа а хиъна, Іийсас нахана хьехамаш бира. Цу хенахь Іелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тІе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дІахІоттийра. Цара Іийсага элира: «Устаз! ХІара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю. Ткъа Мусан хьехамо тІедиллина и санначарна тІулгаш кхоссар. ХІинца Ахь хІун эр дара?» И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира. Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Іийсас, хьала а таьІна, элира: «Шена тІехь къа доцучо уггар хьалха тІулг кхосса цунна тІе». Иза а аьлла, юха а охьатаьІна, лаьтта тІехь яздеш вара Іийса. Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тІаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дІабахара. ТІаккха Іийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца Корта хьала а айина, Іийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?» Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Іийсас. – ДІагІо хьайна, амма кхул тІаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».
Выбор основного перевода