Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу». ХІунда аьлча цара шун кІентий Сох дІаберзор бу, кхечу деланашна Іамал яйтархьама. ТІаккха Везачу Элан дераллин цІе шуна тІехьодур а ю, Цо шу сихха хІаллакдийр а ду. ларлолаш речІанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хІаллакдина дІадаьхча, царна тІаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХІокху халкъаша шайн деланашна гІуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо.
Выбор основного перевода