17
Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
«Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду.
Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш.