Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша. цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дІалахка. Массо а церан тІулгех хедийна цІуш а, боьттина бина цІуш а, сагІа доккху гунаш а дохаделаш. «Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Цу гІаланашкахь караеана йолу ерриг хІонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хІаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш.
Выбор основного перевода