Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». ламанан мохк шун хир бу. Цу тІехь хьун елахь а, аш иза дІацІанбийр бу, тІаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаІанхой дІалохкур бу, церан аьчка гІудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а». Цхьаболчара гІудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цІарах дозалла до. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
Выбор основного перевода