Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. Шуна юкъахь хьолехь Іийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагІ?“ ТІаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТІехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Іийна Хьан гІуллакх ца деш?“ ТІаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гІо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гІо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“.
Выбор основного перевода