Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
сагІина далийна дийнат старгІанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. ТІехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. БІаьрзе я лазийна, я цІармата, я цомгуш долу, я даьІнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина сагІа санна, сагІа доккхучу кхерча тІе ма дилла. ТІех беха я боца когаш болу старгІа я Іахар даггара леларца долчу сагІина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагІина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хІуманна. Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дІаяьхна, я дІахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де. Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагІина схьа ма эца, хІунда аьлча царна тІехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“».
Выбор основного перевода