Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.
Выбор основного перевода