Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тІебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгІачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гІуллакхашна тІехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама». Шун кха тІехь ялта чудерзош шуна цхьа цІов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гІуллакхаш тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. Декъала хир ву комаьрша стаг, хІунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу. Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неІалташ гулдо. Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дІа а баьхкина, аша хьалххехь ваІда а деш, лур ду аьлла совгІат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгІат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.
Выбор основного перевода