Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гІалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гІуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хІума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, аша и зулам дина волу стаг я зуда гІалин кевнашна арахула тІе а валавай, иза валлалц цунна тІе тІулгаш кхисса. Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тІаьхьа дерриге а халкъо царна тІулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам. Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхІунатин а юкъаметтиг кхин а чІагІъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира. ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо.
Выбор основного перевода