Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тІаьхьа дерриге а халкъо царна тІулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Цул тІаьхьа цуьнан гІаларчу бахархошка иза валлалц цунна тІулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Иза дІа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу». Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цІарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду. ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха».
Выбор основного перевода