Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цІийнах а, гергара а болу нах ЮшаІа дийна битира, хІунда аьлча цу зудчо ЮшаІа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дІа а лачкъийна, кІелхьарбаьхнера. Рахьабан тІаьхьенах болу нах хІинца а исраилхошна юкъахь Іаш бу. ГІай-гІала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаІа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Іуьллуш ю и гІала. Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода