Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела Шен къомана тІехь Іуналла дан дезаш болчу Іуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагІий дІасалаьхкина, аша царна Іуналла а ца дина. Цундела Аса таІзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. Харцонех дуьзна гІенаш дІадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, – боху Везачу Эло. – ГІенаш дІа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Іехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», – боху Везачу Эло. Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Іехорхьама.
Выбор основного перевода