Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Левихо тІаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Іийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха». Левихо а, цуьнан гІарбаш-зуда а, ялхо а дІадаха дагахь хьалагІаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тІейогІуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гІевттина, шайн цІа гІур ду шу». Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». Абушалама шен ялхошна тІедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагІар меллачул тІаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТІетоха цунна“, – аьллачул тІаьхьа, Амнан, вей, дІаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хІума аса тІедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила».
Выбор основного перевода