Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
«Нагахь санна цхьаьна Іаш болчу вежарех кІант воцу цхьа ваша дІакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тІаьхье йиц ца ялийтархьама. Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гІалин кевне яха еза къаношна тІе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тІаьхье дІаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. ТІаккха гІалин къаноша, и стаг тІе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь, цуьнан несо, цунна тІе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тІе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цІа меттахІотто лууш воцчунна до“. ТІаккха цуьнан цІенна исраилхошна юкъахь цІе туьллур ю „Мача дІаяьккхинчун цІа“, – аьлла». НуІматан цІийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоІаз цІе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара. БоІаза элира Рутига: «ЛадогІал, сан йоІ! Кхечу нехан декъа тІе кенаш лехьо а ма гІо, кхузара дІа а ма яла, сан ялхой-зударшца хІокху меттехь а хила.
Выбор основного перевода