Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха БоІаза дІахаийтира цуьнга: «Нагахь НуІматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама». Аса Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чІагІо йо, и къа латийнарг сан кІант ЯхІуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора. Дауда баировтхо волчу Римунан кІенташка элира: «Массо а халонех со кІелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас. Дауд цу стагана чІогІа оьгІазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хІума дина волу стаг вен ма веза! Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара ХІунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Іаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.
Выбор основного перевода