Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цуьнан девашас я девешин кІанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех. шен шина несе НуІмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цІа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна! БоІаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?» «Со хьан лай йолу Рути ю-кх, – жоп делира зудчо, – Хьо со Іалашъеш, суна гІо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хІусамехь, хьайн юргІана кІелахь йитахьа со». «Дала декъала йина-кх хьо, сан йоІ! ХІара хьайн марнанна дина гІуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь. «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тІеэцахь иза», – элира гергарчо. И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуІмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза. ДоттагІчунна шен доттагІа массо а хенахь веза. Ваша вон тІедеанчу ханна вина ву.
Выбор основного перевода