Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан цІеран сийлаллина йиш лакха, Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе. Баркаллин назма. Дерриг а латта, самукъане кхайкха Везачу Эле! Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХІунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргІатъяьккхина Ярушалайм.
Выбор основного перевода