Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагІа хІаллаквина. Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Хьо тамашийна гІуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дІакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дІадийца. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гІо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кІелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гІо дора Цунна. Со хьийжира, амма гІоьнча вацара. Со цецвелира, гІо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гІо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира. Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
Выбор основного перевода