Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кІелхьардаккхар гур ду. Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. Эшарш лакха Везачу Элана, хастам бе Цуьнан цІарна! Де дийне мел дели, Цуьнан кІелхьардахар кхайкхаде. Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дІакхайкхае, массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дІадийца. хІунда аьлча сан бІаьргашна гира адамаш кІелхьардоху дерг, Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.
Выбор основного перевода