Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дІатосур а дац, хІаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чІагІо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац». Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела. Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина – Массарна а гур ду Дала адамаш кІелхьардахар!“» И тІедиллира тхуна Везачу Эло. Цо аьлла: „Ас Хьох кхечу къаьмнех болчарна серло йина, Хьоьгахула дуьненан массо а маьІІе кІелхьардовлар кхачийта“».
Выбор основного перевода