Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДогІа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирІуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хІунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хІунда гІерта шу?» – бохура Мусас нахе. Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?» Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХІун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хІара дахлахь, цара суна тІулгаш деттар ду». Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тІаьхьа а хІиттабай, халкъана хьалхāхула чекхвала. Айхьа Нил-хи тІе тухуш лелийна Іаса хьайн кара схьаэца. Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхІаронна а гонах гул а белла, Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хІунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? ХІунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» Халкъ долчуьра дІа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхІарон а. Везачу Элан олаллин нур хІоьттира царна хьалха. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. Мусас а, АхІарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогІа, карзахдаьлла халкъ! ХІокху тархах даккхий ас шуна хи?» Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац». Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна. Шайн Веза Дела зен ма гІерта, шаьш Массехь иза ма-дарра. Шайн дог хІунда чІагІдо аша, мисархоший, пирІуной санна. Дала шайна таІзар диначул тІаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дІадаха пурба.
Выбор основного перевода