Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун кІентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дІадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТІаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хІун ду. Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала. Цундела, царна оьгІаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“. Хьанна оьгІазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьІахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгІаз?
Выбор основного перевода