Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цІестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тІе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг, Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Вазвейша вайн Веза Дела! Іибадат дейша Цуьнан безачу лома тІехь, хІунда аьлча веза ву вайн Веза Дела. ДІахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагІий а ду. Хьуна хІунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дІасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дІахІиттийна волу а Веза Эла? Хьо хІаллакван кийча волуш волчу, хьуна гІело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хІунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гІело ечун дералла? Ткъа Даниал, паччахьо и омра чІагІдинийла шена хиъча, шен цІа чу вахара. Цуьнан лакха тІехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дІадиллина дара. ХІинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хІоьттина, шен Далла доІанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала. Ша а царна тІулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доІа дан хІоьттира: Цул тІаьхьа дукха хан ялале Іийса Наин цІе йолчу гІала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига. Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара. Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь. Цундела, царна оьгІаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“. Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Выбор основного перевода