Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ТІаккха, шун дешнаш дІахезча, Веза Дела оьгІазвахара. Цо чІагІо йира: „ХІокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваІда дина долу дика латта, – аьлла. – Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш».
Выбор основного перевода