Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кІелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дІахезар ву. Іуналлина лерина йолчу бІаьвнна тІе вогІур ву со, чардакха тІехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хІун ала деза хьажархьама а. Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а. Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул.
Выбор основного перевода