Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бІе детиххий, дешиххий йина пхьегІа яра. Шишбацара и хІуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дІаяьхьира. Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХІинца Ас Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цІе Ас ларйийр ю. «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахІоттор ю ЯхІуд а, Ярушалайм а.
Выбор основного перевода