Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дакъазадаккха Далла дІакъастийначух цхьа а хІума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгІазалла дІа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чІагІо ма-ярра. Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг! Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хІаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгІазвахар царна тІера дІа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгІазло вайна тІера дІа а яьккхина, вай хІаллак ца деш дита мега Цо». «Декъала бу Дала гечдина а, къинош Цо дІадаьхна а берш.
Выбор основного перевода