Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо. Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХІан, Ас лур ду шуна ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Іийр ду шу. Ас кхин дІалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта. Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Выбор основного перевода