Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. Со кІелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан аьтту куьйго со лар а вира. Хьан гІодаро со тІех воккха а войтура. Сох лаьцна аьлча, со догцІена хиларна со лоттуьйту Ахь. Ткъа со гуттаренна а Хьайна уллохь дІахІоттаво Ахь. Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу, Сан пхьаьрсо иза чІагІ а вийр ву. Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
Выбор основного перевода