Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Сан са хІаллакьхилар лоьхурш юьхьІаьржачу а хІуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юха а берзабойла! Сан мостагІашна тІе цІеххьана Іожалла йогІийла. Дийна боллушехь уьш эхарте боьлхийла, хІунда аьлча вониг царна юкъахь долуш ду, вониг церан дегнаш чохь долуш ду. Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тІекхача ца гІертийта а. ХІунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Іожалле дІахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дІабохуьйтучу метте дІабохуьйтур бу». «Адаман кІант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дІадига, коше дІабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хІун ду, цкъа хьалха лаьтта тІе охьавеанера Иза бохург дацахь?
Выбор основного перевода