Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дІавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Іибадат дан? Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цІийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегІ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду. Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са. Сан са буьйсанна Хьо волчу гІерта, ткъа Іуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тІехь кхочушхилча, дуьнен тІехь бехачарна нийсо Іема. Амма Иза хууш ву, Ша деш дерг хІун ду! Цо бохам боккхур бу, Шен дешнаш юхаоьцуш вац Иза. Харцонаш лелочу зуламечу нахана а, царна гІо дечарна а дуьхьал Шен оьгІазалла йоккхур ю Цо.
Выбор основного перевода