Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. ТІаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а». Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дІачІагІйо. Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь, Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза. Дика нах, и хІума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хІуманна дуьхьал ала хІума а дац. Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гІалахь канаІанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чІагІо а йийр ю. Цхьана гІаланах «Маьлхан гІала» эр ду. Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. Лаьтта тІехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тІехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хІунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бІаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу». нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцІеналлица а дийна волчу Везачу Элах чІагІонаш ел. ТІаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».
Выбор основного перевода