Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагІар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дІабелхош ю. Сан са дІадолуш доллу, баланийн денош тІекхаьчна суна. Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Везачу Элана лерина нийса сагІанаш цІеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш. qac Бqac*илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцІеналла лар а е. Сайн синан Іаткъам дІа а балхош, хІара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цІа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца. qac Уqac*замаш беш кхайкхарца, буьйсанан хІора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Іанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доІанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Іалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь.
Выбор основного перевода