Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь, Уьш шайн бахамах тешна Іаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу! «Делах шен чІагІо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тІехь чІагІвелла вара и стаг». Сан кІант! Шайна тІехь къинош долчу наха хьо шайна тІеозавахь, къар ма ло. Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цІий Іано кІелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кІело йийр ю вай. Эхарто дийна берш дІакхалларе терра, кошо могуш берш хІаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дІакхоллур бу уьш. Ваьшна деза мел долу хІума схьагулдийр ду вай, вешан цІенош хІонсах хьала а дузуш. Тхох схьакхета, тІаккха и хІонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай». Сан кІант, цу нахаца дІа ма гІолахь, церан лорах дІавахарх ларлолахь, Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хІора а стаг шен дахарх вер ву. Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гІелонна а, гамделлачунна а тІетевжина шу. «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». Цул тІаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БІаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а». ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а. Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо. Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.
Выбор основного перевода